settings icon
share icon
Хаттар

Хьуна гечдиний? Муха хила деза-те Делера гечдар?

Жоп


Апостолана динарш 13:38 т1ехь дуьйцу: «Ишта хуьлийла шуна хууш вежарий, Дела дуьхьа гечдеш ду шуна къиношна».

Гечдар бохург х1ун ду? И суна х1унда оьшу?

Дош «гечдар» бохург- ц1еначу кехат т1ера д1адолор бохург ду, декхарна гечдар. Вай цхьанна вон х1ума дика вай цуьнгара гечдар доьху, уьйраш метта х1итторхьама. Гечдар луш дац адаман дог1уш ду аьлла. Цхьанна а ца дог1у гечдар. Гечдар - иза безаман акт, къинхетам а, дикалла а. Гечдар-иза адамаш дуьхьала вон ца хила сацам бар, цо хьайн вон болх бинехь а, ца бинехь а. Библис дуьйцу вайна, вай массо а ду Делера къинхетам оьшуш,вай массара а дина къинош Екклесиастан 1амата т1ехь 7:20 дуьйцу: « Лаьтта т1ехь нийса лелаш стаг вац, дика а дина, къа латоза «. 1-г1а доссийнарг Иоаннера 1:8 т1ехь дуьйцу: «Нагахь санна вайн къинош дац аьлла дийцахь вай ваьш 1ехош ду, вайца бакъдерг дац». Муьлхха а къа т1аьххьара а дуьхьал хуьлу Далла(Псалаца 51:4). Т1аьххьаре а вайн халхетарца оьшу Делан гечдар. Нагахь санна вайн къиношна гечдина дацахь вай гуттара а дехар ду вай динчу къиношна сингаттамехь(Евангелина Матфеера 25:46; Иоаннера 3:36).

Гечдар суна и муха хир ду?

Ирсана, Дела вай дезаш а,къахеташ а-вайн дерриге а къиношна гечдан лууш ву! Доссийнарг Петрана 3:9 оцу т1ехь дуьйцу вайна: «... цо вай дукха лов ца лууш цхьаъ вала, делахь а, массо а дохковаларе вог1уш» Далла лаьа вайна гечдан, цундела ца вайна ло гечдар. Вай динчу къиношна гечдар уггаре нийсаниг ду- 1ожалла. Римлянашна доссийначу 1-чу декъа т1ехь 6:23 дуьйцу: «къиношна бекхам бар-1ожалла...» Гуттара а йолу 1ожалла иза вайн къинош бахьанехь ерг ю. Дала шен дагахь дерг кхочуш дина цуьнех адам хилла-1ийса.(Евангелина Иоаннера 1:1;14). 1ийса велла жа1ар т1ехь, вайн дог1уш долу та1зар т1еэцна! 1ийса валар, Дела санна, вайн массера а, доллучу дуьненан къиношна гечдархьама. 1-ра доссийнарг Иоаннера 2:2 дуьйцу: « И ву вайн массеран къиношна гечдинарг, вайн гечдина а ца 1аш доллучу дуьненна а гечдина». 1ийса денвелла беллачарна юккъера, шен толаман дош кхайкхош, 1ожаллина а, къиношна а т1ехь(1-ра доссийнарг Коринфянашна 15:1-28).

Хастам бу Далла 1ийсана валар а, денвалар а (2-г1а дакъа доссийнарг Римлянашна 6:23 нийса дерг: «... Дала делларг 1ийсанехь долу гуттаренна дахар, вайн Аллах1ехь. Шуна лаьий, шайн къиношна гечдар? Х1умма а дуй шу сагатдеш, шуьга эккха ца луш долу? Шу къиношна гечдан там бу шу 1ийсах тешахь шаьш к1елхьара дохучух санна. Доссийнарг Ефесянна 1:7 т1ехь дуьйцу: «... вайн цуьнан ц1ийца дерг, къиношна гечдар, вайна гечдар кхачо. Аша дан мел оьшург Деле гечдар дехар, 1ийса валарх тешар, шу къиношна гечдийр ду. Евангелина Иоаннера 3:16-17 юкъалоцу инзаре доссийнарг: « Ч1ог1а дуьне деза Далла шен цхьаъ бен воцу к1ант д1аваллал, цуьнех тешаш верг велла вац, делахь а гуттара а долу дахар а хилла. Цо, Дала шен к1ант дуьненчу дуьненна кхел ян ваийтина вац , делахь а дуьне Цуьнгахула к1елхьара даьккхина хилийта.

Гечдар- ишта атта ду теша?

Х1аъ, иза хала дац. Шуна хила йиш яц,Делера гечдар шуьга ца такхало. Шун и хила йиш ю тоьшаллица, дикаллехула а, къахетарца а, дика хиларца а. Шуна 1ийса к1елхьарадохурш верг санна цуьнан гечдар а, эшахь, аьлча а, дехар аша и дийцарх я кхи муьлхха а до1адарх шу к1елхьара девр дац. 1ийсанах тешаро г1одийр ду шуна къиношна гечдарехь. И до1а- уггаре а атта х1ума ду Деле дехар хьо тешам хилар цуьнех, Цунна хастам бар а, гечдарна. Дела суна хаьа аса хьуна дуьхьала къинош латийний а, сайна та1зар дог1ий а. Делахь а 1ийсана т1ээцна та1зар, суна дог1уш долу. Цуьнех тешаш Суна гечдар т1е эца. Со хьуна т1е тевжаш ву к1елхьара ваккхарехь. Аса хастам бо хьуна а, хьан инзаре дикаллина а, гечдарна а! «Амин»

1ийсанах тешарца билгалделин шуна, кхузахь шаьш дешначун хастам беш? Нагахь и ишта делахь, «Со тахана тийши 1ийсанах», бохург лахахь т1ета1аде.

English



Нохчийн меттан коьртачу аг1онна т1е, юхадуьйла

Хьуна гечдиний? Муха хила деза-те Делера гечдар?
© Copyright Got Questions Ministries