settings icon
share icon
Хаттар

Муха бу к1елхьара валаран некъ?

Жоп


Шу меца дуй? Ницкъаца а доцу, сица? Дахарехь ч1ог1а оьшуш х1умма а дуй шу? Кийрахь генахь х1умма а дуй шу, цкъа а цкъа нис ца делларг? Нагахь санна делахь 1ийса и некъ бу! 1ийсас аьлла: « Со ву дахаран бепиг; Со волчу вог1уш верг меца вуьссар вац, Соьх тешаш верг а цкъа мацлур вац:(Иоаннера Евангелина 6:35)

Шу некъах тилийна. Шуна цкъа а карор баций некъ а, 1алашо а дахарехь? Шу цхьамма чиркх д1абайъина хетий, шайга и схьала ца латалуш хетий? Ишта делахь, 1ийса ву шу к1елхьара дохуш верг! 1ийсас аьлла: « Со дуьненан серло; Суна т1аьхьа вог1уш верг боданехула лелар вац, делахь а, дахарехь серло хир ю». (Иоаннера Евангелина 8:12).

Шуна цкъа а хеттий, шаьш дахаран генахь? Ишта дукха не1арш йитиний аша, царна т1аьхьа дог1уш дерг есалла а, маь1на доцург дуйла хаа? Шу не1 лоьхуш дуй хила ма-деззара дахаре? И ишта делахь, 1ийса вуй к1елхьара дахаран некъ? 1ийсана аьлла: «Со ву не1; Соьца чоьхьа волуш верг к1елхьара вера ву и чоьхьа а вера ву, ара а вера ву, 1а меттиг а карор ю». (Иоаннера Евангелина 10:9).

Гуттара а баккхий кхечу наха шайх безам? Шу юкъаметтиг бен а йоцуш, яьсса а хиллий те? Шуна хетий массо а шайгара пайда оьшуш ву аьлла? Нагахь ишта делахь 1ийса ву некъ! 1ийсас аьлла: «Со ву дика 1у: Дикачу 1уьно шен жа дика леладо. Со дика 1у ву; Суна девза сайн жа, оцу жана со а дика вевза».(Евангелина Иоаннера 10:11;14)

Хаьа лаьий шуна кху дахаран т1аьхьа хилларг? Шу к1адделлий даха, яхкалуш бен йоцчу, мекха юуш бен йоцчу х1уманийн дуьхьа даха? Наггахь шеко кхоллой шу, маь1на дуй-те кху дахаран аьлла? Нагахь лаахь, 1ийса ву шун к1елхьара довларан некъ! 1ийсана аьлла: «Со ву ден велларг а,дахар а; Сох тешаш верг, лахь а денлур ву. Милла а соьх тешаш верг, лийр вац, б1е шарахь». ( Иоаннина 11:25-26).

Муьлха бу некъ? Х1ун ду бакъ? Х1ун ю дахар? 1ийсас аьлла: «Со бакъдолчунна а, дахаран а некъ бу; Цхьа ца вог1у да волчу, сох т1ех ваьлла бен.(Евангелина Иоаннера 14:6).

Шуна хеташ йолу мацалла, иза синан мацалла ю, 1ийсане бен яккхалур йоцуш. 1ийса цхьаъ ву бода д1абаккхалуш верг. 1ийса- иза не1 ю, дикаллина а, гуттаренна а долчу дахарна. 1ийса-доттаг1 а,1у а ву аша лехна волу. 1ийса-иза дахар-кху дуьненахь а,хиндолчу дуьненахь а. 1ийса к1елхьара дахаран некъ бу.

Шу мацаллийн бахьана, бахьана ду, шуна шаьш боданехь дайна моьттуш долу бахьана, бахьана шуна дахаран маь1на ца карош долчунна бахьана,шу Делаца д1акъаьстина долу дела. Библис боху вайга, вай массо къинош летийна ду, цундела Далла гена девлла ду.(Екклесиаста 7:20; Римлянашна 3:23). Есалла, шуна шай дагчохь хеташ йолу, и шу дахарехь Дела ца хилар ду. Шу кхоьллина дара Делаца юкъаметтиг хилийта. Шу цуьнца дац, шу къинош бахьанехь. Кхи а вониг до оцу къиноша , шу гуттаренна а Делах къастош хилар, х1окху дуьненахь а, вукху дуьненахь а.( Римлянашна 6:23; Евангелина Иоаннера 3:36).

И муха д1анис дийр ду? 1ийса ву к1елхьара ваккхаран некъ. 1ийсас Шена т1елаьцна шу къинош.(2-г1а Коринфянашна доссийнарг 5:21).1ийса шу метта велла(Римлянашна 5:8), шуна дог1уш долу та1зар шена т1е а эцна. Кхо де даьлча 1ийса денвелла, велчарна юккъара. Ша къиношна а, 1ожаллийна а т1ехь толам баккхар д1а а гойтуш.( Римлянашна 6:4-5;) Цо и х1унда дина? 1ийсас ишта жоп делира цу хаттарна: «Кхи боккха безам хуьлийла а дац шен доттаг1ашна шен са д1адалар а».(Иоаннера Евангелина 15:13). 1ийса велла, шу дахийтархьама, шу тешаш хилахь 1ийсах, цуьнан 1ожаллех а тешахь, шайн къинош гечдайта велча санна, т1аккха шу а хир ду, д1адаьхьна а хир ду. Т1аккха шу сина мацалла а д1аера ю. Чиркх хьалатийна хир бу. Аша не1 схьайоьллур ю шайна хила ма-деззара долчу дахаре. Шуна вевзар ву шайн бакъволу доттаг1 а, дика 1у а. Шуна хуур ду,делча а шайн дахар кхи д1а хир дуй - дахар юха денделча, стигланашкахь даима долу дахар 1ийсаца!

«Ишта ч1ог1а дезна Делан Дуьне, шен цхьаъ бен воцу к1ант д1аваллал, милла а цуьнех тешаш верг ца велла, цуьнан гуттаренна а дахар ду»(Евангелина Иоаннера 3:16)

1ийсанах тешарца билгалделин шуна, кхузахь шаьш дешначун хастам беш? Нагахь и ишта делахь, «Со тахана тийши 1ийсанах», бохург лахахь т1ета1аде.

English



Нохчийн меттан коьртачу аг1онна т1е, юхадуьйла

Муха бу к1елхьара валаран некъ?
© Copyright Got Questions Ministries